Гимн ЧРИ Lyrics

Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла тхо,
Iуьйранна лом угIуш тхан цIераш техкина.
Аьрзонийн баннашкахь наноша дакхийна,
Тархаш тIехь дой хьийзо дайша тхо Iамийна.

Халкъана, махкана наноша кхоьллина,
Цаьршинна эшначохь, майра дIахIиттина.
Ламанан лечарчий маршонехь кхиийна,
Халонех, бохамех курра чекхдийлина.

Мокхаза ламанаш даш хилла лаларах,
Дахарехь, къийсамехь яхь оха дIалур яц!
Бос Iаьржа ва латта молханах лелхарах,
Тхешан сий доьхкина, тхо лаьтта доьрзур дац.

Тхо цкъа а цхьаннена къарделла совцур дац,
Iожалла, я маршо - шиннех цхьаъ йоккхур ю!
Йижараша тхан чевнаш эшаршца ерзайо,
Хьомсарчу бIаьргаша хьуьнаршна гIиттадо.

Мацалло хьовзадахь, орамаш дуур ду,
Хьогалло тхаш бIарздахь, бецан тхин мийра ду!
Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла ду,
Халкъана, махкана, Далла а муьтIахь ду.

See also:

58
58.48
Puagh! Carceles Lyrics
M. Masini Vaffanculo Lyrics